Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта». Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар. Динан да а, Везачу Элан цІийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кІанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхІус Делера болу и хаамаш беш хезча, Ярми-ЯхІу-пайхамарна еттийтира. ТІаккха цо, Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира.
Выбор основного перевода