Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХІокху стагана вен кхел ян догІуш ду, хІунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гІалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!» Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Іелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цІе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хІоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. Цул тІаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гІертачун. Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цІе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тІаьхьа виъ бІе гергга стаг хІоьттира. Амма иза вийначул тІаьхьа, цуьнан накъостий дІасабевдира. ХІумма а доцург а хилла, дІаделира и гІуллакх. Цул тІаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дІаязбечу хенахь веанчу цо гІаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тІаьхьахІиттинарш а дІасабевдира. Цундела хІокху хІуманна тІедоьгІна сан хьехар ду шуна: и нах Іадбита, дІахеца уьш. Цара долийна хІума нахера делахь, иза, дайна, дІадер ду. Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду». Йоккха гІовгІа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Іеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХІун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла». Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хІара вен я дІалаца бахьана долуш хІума дацара. Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хІара цига дІахьажо. Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина».
Выбор основного перевода