Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Баруха, гулбеллачу массо а нахана а хезаш, Везачу Элан цІа долчохь хьарчийначу тептар тІера Ярми-ЯхІун дешнаш дІадийшира. Йозанча волчу Шапанин кІентан Гамар-ЯхІун цІа чуьра и тептар дІадоьшуш вара Барух. Цуьнан цІа лакхарчу кертахь, Везачу Элан цІийнан керлачу кевнна уллохь дара. Иза паччахьан гІалина чохь долчу йозанчин цІа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Іаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаІ а, ШамІа-ЯхІун кІант Дали-ЯхІу а, Іахбаран кІант Эли-Ната а, Шапанин кІант Гамар-ЯхІу а, Хьанан-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а.
Выбор основного перевода