Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана ца дезаш ялх хІума ду, аьлча а, ворхІ ду Цунна дегаза хетарг: кура бІаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цІий Іенош долу куьйгаш а, тІебаьхкина болчу нахана гІело а ца еш, байшна а, бисина Іаш болчу зударшна а гІело а ца еш, бехк боцучеран цІий а ца Іанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тІаьхьа а ца хІуьттуш шу лелахь, Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац. Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чІогІа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХІокху Стеган цІий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».
Выбор основного перевода