Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дІалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цІа, Ярушалаймах саьлнаш йина дІахІиттийна цара. ЯхІуд-мехкан паччахьаша – Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхІус – паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхІуна дІаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цІераш йолчу гІаланех хиндерг. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю. Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“.
Выбор основного перевода