Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо. Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хІуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дІа а тесна, Везачу Элан цІийнах дІа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. Цара Везачу Элан цІийнан ученна чу волу неІ а дІакъевлира, къуьданаш а дІабойура. Иштта хаза хьожа йогІу хІума а ца ягайора, дезачу цІа чохь Исраилан халкъан Далла лерина дийнаташ дагоран сагІа а ца доккхура цара. ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. Иштта туьро байира вайн дай, цундела вайн кІентий а, йоІарий а, зударий а хІинца хийрачу махкахь йийсарехь бу. ХІинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чІогІа йолу дералла вайна тІера дІаяккхийтархьама. Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хІунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гІуллакх дайтархьама а, шу Шена гІуллакх дийраш а, хаза хьожа йогІу хІума ягораш а хилийтархьама а». Амма Хьузакх-ЯхІу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхІус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгІазалла ца йира царна. амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. ТІаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТІаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам. Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».
Выбор основного перевода