Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“». Цара, цу лаьтта тІе а баьхкина, иза шайн дола даьккхина. Амма Ахьа бохучуьнга цара ла ца дугІура, Хьан товрат-хьехамца уьш ца лелара. Ахьа шайна кхочушдан тІе мел диллинарг цара кхочуш ца дора. И хІума бахьана долуш Ахьа царна тІе и массо а бохамаш баийтина. Таханлерчу денна тІекхаччалц шу, шаьш кІезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“. Кхечу деланашна аша сагІанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тІебаийтина бу».
Выбор основного перевода