Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш чІогІа летира, исраилхой эша а беш. ХІора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цІа вахара. Исраилхой чІогІа эшийра цу тІамехь, ткъе итт эзар гІашло вен а вуьш. Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира. Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Цундела Шилун-гІалина динарг Аса хІинца Сан цІе лелош долчу хІокху цІенна а дийр ду, шу оцу цІийнах тешна Іаш доллушехь а, Аса хІара меттиг шун дайшна дІаеллехь а. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду.
Выбор основного перевода