Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. ЯхІудан къомана дІахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тІаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тІера дІабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара». ТІаккха Ярми-ЯхІус Нери-ЯхІун кІант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тІе дІаяздора. Цул тІаьхьа Ярми-ЯхІус элира Барухе: «Со Везачу Элан цІийнан керта ваха йиш йолуш вац: цу чу вахар суна дихкина ду. Цундела наха марха кхобучу дийнахь Везачу Элан цІа долчу гІо, ас дІадуьйцучу хенахь айхьа дІаяздина Везачу Элан дешнаш гулбеллачарна дІа а деша. Уьш ахьа дІадеша деза шайн гІаланашкара Ярушалайме схьагулбеллачу массо а яхІудхошна. Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дІабовла ма мега, хІунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дІакхайкхийна оьгІазалла а, дералла а чІогІа йоккха ю». Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу.
Выбор основного перевода