Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ву иза доьдучу хин йистехь доьгІна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гІа а маргІал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тІехь аьтто а хуьлу цуьнан. ХІара дош Везачу Элера Ярми-ЯхІуга йокъа бахьана долуш кхечира: «ЯхІуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гІаланаш маргІалъюлу. Церан нах, тийжаш, Іохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш. Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гІунаш тІе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьІаьржачу а хІиттина, цара шайн кортош къайладоху. ДогІа ца дарна, латта лилхина. латталелорхой дог доьхна лаьтта, цара кортош тІе хІума туьллу. Ур-атталла арахь болчу сено а, ша йина йолу кІорни юьту, цунна яла буц йоцу дела. Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ, чангІалкхаша санна, шайн мерех хІаваъ чууьйзуш. Церан бІаьргаш кхоьлина бу, яа буц цахилар бахьана долуш».
Выбор основного перевода