Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тІаьхьенах болу паччахьаш хІокху паччахьан цІенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гІудалкхашна а, говрашна а тІе а хийшина, кхузахула чубогІур бу. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, Амма шу тІедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гІала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн
Выбор основного перевода