Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІачу дийнахь садаІа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гІарбашан кІанте а, тІевеанчу стаге а садаІийтархьама а. «ДІаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоІу денош ларде, хІунда аьлча тІейогІуш йолчу тІаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоІучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира. Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхІаронна а, дерриге а халкъана а тІевалийра иза. И стаг набахти чохь сацийра, цунна хІун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш. Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тІе тІулгаш кхиссийта». Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тІе тІулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тІаккха иза велира. Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а». «Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гІуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гІуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь, Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дІахІиттина долу, иштта царна дІахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода