Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. ЯхІудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагІашна дІалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду. «Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’.
Выбор основного перевода