Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Билггал, адам гІаларт санна лела-кх. Эрна хІума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. Хьайн гІайгІанаш Везачу Элана тІеяхка, ткъа Цо хьо чІогІа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дІасатоьхкуьйтур вац. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Декъаза ву шен паччахьан цІенош хьарамлонца дийриг, цІенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург. Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла.
Выбор основного перевода