Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цаьрга дІаала: „ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хІокху лаьтта тІе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хІума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догІур ду. „Дауд-паччахьан тІаьхьенах волу яхІудхойн паччахь, ладогІа Везачу Элера болчу хааме – ахь а, хьан тхьамданаша а, хІокху кевнехула дІасалелаш долчу хьан халкъо а ладогІа! «ЛадогІа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цІийнах берш! ДІахаза, паччахьан цІа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр – иштта хІара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицІпа-гІалахь шух кІело йина дела, Табур-ломахь дІасаяржийна бой санна шу хилла дела.
Выбор основного перевода