Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хІаллакьхуьлу. Хьайна тешаме воцу хІорра а Ахь хІаллакво. ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. Айса дІахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тІехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Іибадат дора цара. «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». Амма хьоьга беъначу баланан бахьана хьо хьуо ду. Хьан Веза Дела волчу Аса хьо нийсачу новкъахула далош дара, амма хьо Суна уллора дІаделира. Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта, Хьо бохамах тхо кІелхьардохург ву. Ткъа хІунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна, буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна? Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цІераш Дала стигалшкахь дІаязъярх даккхийде». Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». И элира цара Іийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гІалат тІехтохархьама а. Ткъа Іийса, лохха охьа а таьІна, лаьттахь пІелгаца яздан волавелира.
Выбор основного перевода