Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан синна тІаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьІаьржачу а хІиттина, юха а боьрзийла. ЦІеххьана хІаллакьхилар нислойла хІинца царна шайна. Къайлаха когаш кІел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хІаллакьхуьлийла уьш. Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалхā кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Уьш юхаметтахІоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догІург шозза дІалур ду Аса оцу нахана, хІунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цІушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна». Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тІемало санна ву. Цундела сан мостагІийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Іалашо кхочушхир яц, уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.
Выбор основного перевода