Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Юши-ЯхІу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхІу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хІора лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу дитта кІелахь а. Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Хьайн гІаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхІудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаІална сагІа доккху меттигаш кечйина ахь“.
Выбор основного перевода