Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегІаб цІе йолчу яьссачу арахула дІавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутІа а вара. Иштта бу дийнаташ дагоран а, кІен а, къинах долу а, гІуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагІанех лаьцна болу хьехам. Цара Везачу Элана баркаллин сагІанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гІуллакхех лаьцна дІа а дуьйцийла. Ас баркаллин сагІа Хьуна доккхур ду, иштта доІанца Везачу Эле кхойкхур ву. Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гІаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кІел жаш догІур ду», – боху Везачу Эло. Хьалхалерчу пайхамаршкахула а изза дешнаш дацара Везачу Эло дІакхайкхош дерш, Ярушалайм-гІала адамех юьзна а, маьрша а йолуш, цунна гонахарчу ярташкахь а, къилбехьарчу НегІаб-аренгахь а, малхбузерачу акъарешкахь а адамаш дехачу хенахь?»
Выбор основного перевода