Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогІахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гІуллакх дахь, – Ас шайна делла долу шоьтан денош дІакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
Выбор основного перевода