Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! qac Лqac*еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Іаш волу стаг! Декъала ву Везачу Элах тешна Іаш волу а, цІушка дехарш деш воцу а, харцделанашна Іамал ечарах дІакхетта а воцу стаг. Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла, жимачохь дуьйна дегайовхо ю. Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Декъала ву Хьох тешна Іаш верг! Ирс долуш ву шен гІоьнча Якъубан Дела верг, шен Везачу Делах бІобулуш верг. Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг декъала хир ву. Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хІунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш.
Выбор основного перевода