Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». «Аса Со чохь Іаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дІатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагІийн кара дІаделла. Аса уьш, мостагІийн лолле дІа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дІабохуьйтур бу. Сан дералло цІе латор ю, ткъа оцу цІеро уьш дІакхоллур бу».
Выбор основного перевода