Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кІалдах а дуьзна долчу хих а. Ас эрначу аренах цуьнан цІа дина, дуьрачу аренах цуьнан хІусам йина. ГІа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. И хІума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІуна а, цуьнан тІаьхьенна а таІзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тІаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“». Довдалаш, кІелхьардаккхалаш шайн дахар! Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.
Выбор основного перевода