Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Цо стагана цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина ло доггІург, хІоранна а леларна хьакъ дерг дІало Цо. Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Дети кеда чохь цІандо, деши кхерчахь зело, ткъа адамийн дегнаш Везачу Эло зоь. Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало. Дала хІоранна а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тІера Делан лаамца Цо доьху дела. Цуьнан бераш а хІаллакдийр ду Ас. ТІаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хІоранна а, шун гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІалур ду Ас.
Выбор основного перевода