Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала. Аьчка къоламца дошана тІехула я массо а ханна тІулга тІехь уьш хьаькхна делахьара! Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дІа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дІа а хьарчаде, хьайн даг тІехь уьш дІа а язде. Хьайн куьйган пІелгех дІадехка уьш, даг тІехь дІа а язде уьш. ХІара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Іийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дІалур ду царна Хьуо дикка цІандан гІертахь а, хьайна тІе дуккха а саба хьекхахь а, хьан къинан заралла Суна хьалха лаьтта, – боху Хьалдолчу Эло. – Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.
Выбор основного перевода