Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гІо а деш, вайн дуьхьа тІом а беш волу». ТІаккха яхІудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхІун дешнаша халкъ чІагІдира. Везачу Эле ша ларвайтар гІоле ду, адамех тешна хуьлучул. Элех теший ма Іелаш, адамах бІобулий ма хилалаш, хьо кІелхьарваккха йиш ма яц церан. Адамех кхерар – стагана хІоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг кІелхьарвоккхур ву. «Къа ду аьрхачу нехан, – боху Везачу Эло. – Цара Іалашонаш хІиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагІаран сагІанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тІе кхиниг а тухуш. Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирІуне гІо дехархьама а, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъархьама а. Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара.
Выбор основного перевода