Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гІуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дІа а ца дойуш. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тІехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хІинца, доккхачу дарцан гІовгІанца, Аса цунна цІе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац. Аша динчу гІуллакхе хьаьжжина таІзар а дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – Аса шун паччахьан цІахь цІе латор ю, цо гонах мел долу хІума дагор ду». Амма хІокху дешнашка аша ла ца догІахь, Аса Сайх дуй боу, – боху Везачу Эло, – хІара цІа Аса дассор ма ду’“». qac Лqac*атийра Везачу Эло Цийонехь цІе, иза бухара дуьйна яга а еш. ОьгІазвахара Веза Эла, Шен дералла тІехьажийра Цо Цийонна тІе. Ас цІе хьажор ю ЯхІудана тІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш».
Выбор основного перевода