Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоІучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира. Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхІаронна а, дерриге а халкъана а тІевалийра иза. И стаг набахти чохь сацийра, цунна хІун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш. Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тІе тІулгаш кхиссийта». Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тІе тІулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тІаккха иза велира. Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. «Веза Эла Хьариб-ломахь цІеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чІогІа ларделаш. Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тІе-ма-диллара, Іамал ян цхьана хІуманан вастехь цІу-деланаш шаьш барх а. Цу деношкахь ЯхІуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагІар даккхархьама. Иштта шайн варраш тІе цІевнаш а, чагІар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хІуманаш а тІеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дІа а яьхьна, дІайохкархьама. Аса цу нахах чІогІа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хІума дІадухкуш гича. Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чІерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхІудхошна дІадохкархьама. Аса яхІудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хІума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хІун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! Изза хІума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хІокху гІалина а тІе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хІинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чІогІа оьгІазло яйта гІерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш». Цул тІаьхьа аса тІедиллира, пІерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тІебогІучу хенахь, гІалин кевнаш дІа а къовлий, шоьтан де дІадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неІарш ларъян сайна тешаме болу нах дІахІиттийра аса. Церан Іалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хІуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гІалина арахь буьйсанаш йохуш бара. Аса цаьрга, чІогІа бехк а боккхуш, элира: «ГІалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дІадохур ду». Цул тІаьхьа уьш кхин ца богІура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гІайба схьа а эцна, дІаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара.
Выбор основного перевода