Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху. Шен боккха ницкъ хиларх тІемало а кІелхьара ца волу. Дин а бац тешаме стаг кІелхьарваккха, шен боккхачу ницкъаца а кІелхьарвоккхур вац цо иза. Везачу Эло Шен маликашна тІедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар. Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш. Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо, сема а хир ву хьо ларвеш Верг. хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гІортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу. Дала Шен Олалле кхача лиънарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
Выбор основного перевода