Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Сан Веза Дела! Ас гІо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира. ХІетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гІовттур ду! Ченахь мел Іохкуш берш, гІовттий, хазахетарца мохь хьекха! Іуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тІе дожадо». Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю. Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагІчу дийнахь ира а хІиттор ду. ТІаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь.
Выбор основного перевода