Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша доІа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кІелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагІех йоьлу. Шамъала сагІа доккхучу хенахь пІелаштамхой исраилхошца тІом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пІелаштамхошна тІехь чІогІа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гІоьнца уьш исраилхоша эшийра. Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира. Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагІий дІасалаьхкира. ЧІогІа ткъес а тоьхна, Цо уьш дІа ма бовдийтира. Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цІе а хестор ю ас. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан. Ас цунна хьалха мостагІий эшор бу, иза цавезарш хІаллак а бийр бу. ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь». Далла хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Везачу Элана хьалха цара эшарш а лоькхийла, хІунда аьлча Иза ву лаьттана кхел ян вогІуш. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха,
Выбор основного перевода