Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагІа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гІоьнча, шен кхо маІа йолу мІара а бахьаш схьа а вогІий, яй чу, я ялгІу чу, я кеда чу иза а Іуттий, цу чуьра тІейогІаелларг схьа а оьций, дІавоьдура. Иштта «гІиллакх» хІоттадора цара массо а Шилуне вогІуш волчу исраилхочуьнца. Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гІоьнчас, схьа а вогІий, цІий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло». Нагахь санна цхьаммо шега: «Цкъа собар де махьаран даьтта дагийна даллалц, цул тІаьхьа хьур ду ахьа хьайн даго ма-бохху жижиг» – аьлча, цо олура: «ХІинца схьало. Ахьа ца лахь, аса нуьцкъала схьадоккхур ду хьоьгара иза». Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чІогІа доккха къа латийнера, хІунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагІа даккхарх ца вешийла гойтура. Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.
Выбор основного перевода