Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хІинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гІалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гІело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тІехь сайн ши бІаьрг дІакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагІех хьо кІелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цІа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хІара доІа дан Хьох хІоьттира. Цул тІаьхьа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа Абу-ЯтІарин метта динан коьрта да хІоттийра цо. Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду. Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цІе а хестор ю ас. Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦІадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дІадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гІуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагІанийн мохь а, цІий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода