Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И массо а тІаьхье дІаяьлча, царах схьабевлла нах тІекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гІуллакх а ца хаьара. Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. Шайн жашца Іуй ма-бахккара, паччахьаш шайн эскаршца схьабогІур бу Ярушалайм-гІалина дуьхьал. Цунна гонах шайн четарш дІахІиттор ду цара. Шена дІаделла дакъа хІораммо а дассор ду. ХІара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гІалин пенна тІеволийла кечъе. И гІала таІзар дан хьакъ долуш ю, иза гІело ярх юьзна йолу дела. Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. Дела вовзар царна мехала хІума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара.
Выбор основного перевода