Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гІуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхІарон а, цуьнан кІентий: Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а хила беза. Хьайн вешина АхІаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. Цу балхана Ас похІма деллачу говзачу нахе дІаала, Суна гІуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхІаронна духарш кечде алий. Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза. Цхьаммо дийнаташ дагоран сагІа даьккхича, дийнатан неІ я цІока и сагІа даккхар дІахьош волчу динан дена дуьсу. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. АхІаронна тІе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тІехула оба юьйхира Мусас, юха тІе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхІаронна тІехь ийпад а чІагІйира цо. Цунна тІе некха хьалха уллуш болу беза тІоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цІераш йолу ши тІулг биллира Мусас. Везачу Эло АхІароне элира: «Хьо а, хьан кІентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Іаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Іеса хІуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кІенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гІуллакхна дуьхьал дечу Іесаллина. АхІарон! Хьан а, хьан кІентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагІа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тІехьа долчуьнца а доьзна долу гІуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гІуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тІегІортахь, иза вуьйр ву». Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!» ТІаккха паччахьо ДуагІе элира: «Ваха а гІой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагІа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра.
Выбор основного перевода