Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? «ДІаала массо а исраилхошка: „ЦІена хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара, шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча! Уьш тІетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц: вайн мостагІий шаьш бу оцу тІехь кхелахой. Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делера дІа ца верзалуш, со Іеса ца лелара. «Веза Эла, Хьо веза суна, Хьо сан ницкъ бу! Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу! Везачу Элан дош ма цІена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дІахІоьттира. Схьадуьйла, Везачу Элана хастам бер вай, вайн кІелхьардовларан Тархе даккхийдерца кхойкхур вай.
Выбор основного перевода