Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац». ХІара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш. Аса хІара кІант Везачу Элана дІало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гІуллакх деш хир ву хІара». Цо цигахь Везачу Элана Іибадат дира. ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.
Выбор основного перевода