Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш Іийра. Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхІарон Сайн динан да хилийта а, сагІа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогІу хІума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кІенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагІанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цІенна? Кхиъна вогІуш волу Шамъал Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хІуттура. Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тІеюьйхина гатанан оба бен, хІумма а яцара.
Выбор основного перевода