Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза. «ДІаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагІан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа. Везачу Элана леринчу сагІина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дІавоккхур ву. Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду.
Выбор основного перевода