Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойх я тІебаьхкина Іаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дІаваккха везаш ву, Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чІагІдина, исраилхошна тІамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагІий хІаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, хІаллакбан безара уьш.
Выбор основного перевода