Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Мусана оьгІазвахара, Цо элира: «Левин тІаьхьенах а волуш, АхІарон цІе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогІур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Хьан метта АхІарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву. Везачу Эло АхІароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гІо». ДІавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхІарона. Амма ялхочо цуьнга элира: «ХІокху гІалахь наха чІогІа лоруш а волуш Делан стаг ву Іаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара». ЯрбаІам-паччахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхІуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гІала веара. Оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хІун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кІант вен веана ву те?» Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цІенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла.
Выбор основного перевода