Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира. Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тІом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІехь чан яра. Іела гІали чу воьдучохь лаьтташ долчу кевнан неІарехь хиъна Іаш вара, хьоьжуш. Цуьнан дог, Делан тІорказах хІун хилла ца хууш, лозуш дара. Веанчу цу стага тІамехь долу хьал дийцича, массо а стаг велха дІахІоьттира. Шена и белхар хезча, Іелас хаьттира: «И хІун гІовгІа ю?» Цу стага, тІе а веана, шадерг а дІадийцира. Цу хенахь Іелин дезткъе берхІитта шо дара. Цуьнан бІаьргаш, са ца гуш, кхоьлина дара. Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тІом болчуьра ведда со». Іелас цуьнга хаьттира: «ХІун хилла цигахь, жима къонах?» Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пІелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кІант велла. Делан тІорказ мостагІийн карахь ду». Цо Делан тІорказ хьахошшехь, Іела ша Іаш волчу гІанта тІера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьІахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чІогІа къена а, дегІана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Іийна ву. Іелин нус, Пайнехьасан зуда, кестта бер дан дезаш яра. Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахнийла а, шен мардай, майрий веллийла а хиъча, иза ца лайна, зуда берах хьовзийра. Дукха хан ялале, цо бер дира. Иза лечу хенахь, цунна тІехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кІант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара. Шена уллохь лаьтташ болчу гІаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тІе куьг дахьа. ТІаккха паччахьо ДуагІе элира: «Ваха а гІой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагІа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра. Динан дай Іийна йолчу Нуб-гІалара адам а хІаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кІегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагІий дайина дІадехира, тур детташ. Царна юкъара, Ахьтубин кІентан Ахьи-Маликан кІант волу Абу-ЯтІари бен, цхьа а кІелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дІавахара. Муаби-мехкан ницкъ дІабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода