Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дега Абу-ЯтІарига Сулим-паччахьо элира: «Хьо вен хьакъ дара, амма хьайн лаьтта тІе Іанатот-гІала дІаваха могуьйту ас хьуна. Сан дас хьегна болу баланаш а хьоьгуш, сан дена Даудана хьалха вайн Хьалдолчу Элан деза тІорказ ахь лелийна дела, цкъа хІинца ца воьйтуш вуьту ас хьо». Динан да Абу-ЯтІари Далла гІуллакх деш волчуьра дІаваьккхира Сулим-паччахьо. Иштта кхочушхилира Шилун олучу меттигехь Іелех а, цуьнан тІаьхьенах а аьлларг. Уьш Шена дІахезча, Дела оьгІазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дІатоттура. Цо йитира Шилунера Шен хІусам, Ша адамашна юкъахь Іийна долу четар. Шеца бинчу бертан тІорказ Цо йийсаре дІаделира, Шен сийлаллин билгало мостагІийн кара дІаелира. Цо туьран кара дІаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгІазвахара. ЦІеро церан къона божарий дІакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура. Церан динан дай туьро хІаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Баккхий нах а, баккхий зударий а юха а Ярушалайман урамашкахь хевшина Іийр бу, шаьш баккхий хиларна Іасанаш кара а лаьцна.
Выбор основного перевода