Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла, Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза, хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду, хІунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гІуллакхаш дина дела. Цуьнан цІе еза ю! Цуьнан къинхетам тІаьхьенашкара тІаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу! Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш, паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина. Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хІума ца луш дІабахийтина. Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгІазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу». Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Іожаллин кевнера со хьалаваккхахьа, Хьох уьш дерриг а дийнахь сакъералуш хуьлу, Хьо нийса хиларна уьш баккхийбеш а хуьлу. Ас цунна хьалха мостагІий эшор бу, иза цавезарш хІаллак а бийр бу. Хьан мостагІий, Веза Эла, хІаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дІасалаьхкина хир ма бу. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела. КІелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца». Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а.
Выбор основного перевода