7
Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьІІе цу геланчашка дІасадахьийтира, массарна дІа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тІаьхьа ца хІиттинчеран стерчий», – аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чІогІа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дІахІоьттина, цунна тІе дахара.