Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен лаамехь волчунах бІаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама. Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дІахІоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хІуманна тІекхиънехь. Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тІехула дустаран тІийраг дІасаяржийнарг? Стенна тІе хІоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тІулг, Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина, Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю. Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара, мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара. Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо, шайн халкъах болчу элашна ховшабо. Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара. паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.
Выбор основного перевода