Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, цуьнан доІа дІахазий, гечдехьа цунна, гІо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хІора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хІора стагана а доггІург цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина дехьа. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна. Стагана ша массо а хІуманна тІехь нийса хета, амма цуьнан деган Іалашонийн барам Везачу Эло бусту. «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хІуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хІума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, стагана доггІург дІалур ду Цо
Выбор основного перевода