Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хІинца, хІара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догІа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. ТІом бечуьра сецна Бавелан тІемалой, уьш чІагІйинчу меттигашкахь сецна Іаш бу. Ницкъ дІа а баьлла, уьш зударий санна хилла дІахІиттина. ГІаланийн зайлаш бохийна дІабаьхна, ткъа церан цІенош догуш ду. Цхьа сингаттам дІабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хІуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Іамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш.
Выбор основного перевода