Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Делан оьгІазлоно со цоьсту, Шен цергаш суна хьекха а еш, Цо соьца мостагІалла леладо. Сан МостагІчо Шен ира хьажар суна тІедерзадо. Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гІаттийна, дов дарца сан беснеш тІе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу. Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна, суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара. Суна дуьхьал шайн баганаш а гІиттош, цара олу: «ХІаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!» qac Жqac*ирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Іесачо йо, уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо. Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагІаша эккхийна лелош ву со, хІора дийнахь тІелеташ, цара ницкъ бо суна. Сайн кІесаркІога чохь церан садеІар хаало суна хІора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш! qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. qac Рqac*еза шаьш хиларна, мостагІий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагІий вайна кхиссарш еш бу. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь. Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гІуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тІе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь. Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хІаллакбархьама, дийна биснарш дІабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь. Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тІе доьрзур ду.
Выбор основного перевода