Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сан са дІадолуш доллу, баланийн денош тІекхаьчна суна. Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дІабуур бу, хьан кІентий а, зудабераш а хІаллакдийр ду, хьан уьстагІий а, стерчий а дІадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дІакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чІагІйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гІаланаш хІаллакйийр ю. qac Лqac*оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хІума цо юучух дІало, ша гІелделла доллушехь, дийна дисархьама. «Хьажахьа хьо, Веза Эла, – оцу халкъо боху – юьхьІаьржачу хІоьттина долу сан хьал хІинца муха ду. qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь. qac Гqac*о хІинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза. хІунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш».
Выбор основного перевода